ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал тIом бинчух шеко йу цо Нохчийчуьра тIеман ветеран вийна хиларх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинерчу тIамера цIа вирзина Кумов Иванах шеконаш йу Нохчийчохь хиллачу тIеман ветеран 48 шо долу Худяков Алексей цо вина аьлла. Хаамбарца, Кумов доьазза кхел йина ву, хIетте а маьрша вуьту иза.

Челябинскан кIоштара Чебаркуль гIалахь вийна иза. URA.ru хьасте вийначух йиссинчо дийцарехь, охан-беттан 21-чохь Худяков аптеке ваханера, цу чуьра араволучу хенахь Кумовца дуьхь-дуьхьалкхета хиллера. Цу шинна йукъахь билггал хIун хилла – хууш дац, летачу заманчохь Худяковн коьртан хьена гематома йина, лергайух а кагйина. Дарбан цIийнаехь кхелхина иза.

Вийначун хIусамнанас Худякова Ольгас бахарехь, тIехбуьйлучийн дийцаршца вевзина Кумов, цара кхайкхинера лоьраш а. Шайн хьасташна тIетевжина 74.ru сайто йаздарехь, инцидент билггал хилла йу, гIуллакх тIеман талламан декъе дIаделла листа. Цигахь Худяковх йиссинчуьнга дIахьедина, 30 дийнахь и толлур долуш ду – оцу йоллу хеначохь Кумов маьрша вуьтуш ву.

2015-чу шарахь Кумов Иванна колонихь даккха кхо шо хан тоьхнера талораш лелорна, ткъа 2016-чу шарахь – кхин а кхо шо кхайкхийра цунна колонин балхана новкъарло йарна. ХIетахь Кумовс колонира масех кор дохийнера, иштта инспекторан чуьра а, цига чуваьлла хилларе иза цхьахволчу белхахочун коьртах гIант а тоьхна.

2019-гIа шо довш, ша маьршаваьккхина биъ бутт баьллачу хенахь, иза бехкевира бахам талхорна, йеттарна, могушаллина дайн зен дарна а. Кумовна цхьа шой, исс буттий хан туьйхира колонихь йаккха. ГIадужу-баттахь кхин а ши шо тоьхнера цунна машен йадорна – цо йаккхаза хан а тIетоьхна Кумов набахтехь витира кхин а шина шарна а, исс баттана а.

  • Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш махкара маьрша бахархой байъарна кхел йина ГРУ-н спецназан капитан Ульман Эдуард вийна Украинехь. Кхел йинера цунна суьдхоша, иза а воцуш, 2007-чу шарера схьа дуьйна Ульман волу меттиг хууш бацара.
  • Вогоградехь таIзар кхайкхийна гечдинчу ЧВК "Вагнеран" Мелконян Арсенан гIуллакхехула кхелахочунна а, шен хиллачу хIусамнанна а, кхиазхо йолчу йоIана а, ишта СИЗО-н белхахочунна а ша дойъур ду шу бохуш, кхерамаш тийсарна. Колони хьажийна иза кхаа шарна а, шина баттана а, иштта 150 эзар сом гIуда а тIедожийна цунна.
  • Къилбан тIеман гонашкара кхелашкахь, къаьстина Ростовн, Новочеркасскан а, цIеххьана алсамдевлла стаг верах, адаман могушаллина даккхий зенаш дарх гIуллакхаш. ТаIзаршкахь билгалдоккху, контрактхой шайца цхьана гIуллакх дечарна тIелеташ хилар Украинехь тIом бечу хенахь а, дарба дан, йа садаIа цIа догIуш а. Редакцино зеттарш динчу эксперташна а, жигархошна а хетарехь, тIамтIера цIа баьхкинчара нуьцкъаша ден долчу зуламашна кийча хила беза Оьрсйчоьнан бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG